Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шена дуьхьалваьлларг Везачу Эло дуьнен чуьра войу, стигалара схьа царна оьгІазло а еш. Делан кхел дуьненан массо а маьІІе кхочур ю. Ша хаьржинчу паччахье Цо олалла а лур ду, Ша къобалвинчуьнца болу ларам лакха а боккхур бу». Стигалара, иза къекъаш, Везачу Эло гІовгІа яьккхира! Веза Воккхачо Шен аз хазийтира. Шен пхерчий а кхиссина, Цо мостагІий дІасалаьхкира, дукха ткъес а хьажийна, Цо уьш ма дарбира. Дукха къегаш хиларна, Цунна хьалхара Іаьржа мархаш сихха дІасаевлира, къора а туьйхира, догуш долу кІегий серла а девлира.
Выбор основного перевода