Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ас Сайн оьгІазло шуна дуьхьал яссор ю, тІаккха шу мостагІаша эшор ду. Шуна тІехь олалла дийр ду цара. Шу довдур ду, тІаьхьаваьлла цхьа вацахь а. Везачу Эло шайн мостагІашка эшадойтур ду шу. Цхьана новкъахула царна дуьхьалдевр ду шу, ткъа ворхІ новкъахула царах довдур ду шу. Шуна хилларг а гина, дуьнен чуьра массо а халкъаш кхоьруш хир ду. Исраилхошна дуьхьал лата дІахІиттинера пІелаштамхой. Уьш вовшахлетира. ПІелаштамхоша исраилхой эшийра. Цигахь виъ эзар стаг вуьйжира исраилхошна юкъара. Цара Абушаламан дакъа, дитт тІера схьа а даьккхина, хьуьнхарчу доккхачу ор чу а кхоьссина, тІе тІулгаш кхиссира. Цу хенахь массо а исраилхо ведда, шен-шен цІа чу а вахана, дІасаваьллера. Исраилхоша яхІудхойн эскар дохийра. ТІаккха эшнарш шайн-шайн цІа дІасабевдира. Цо туьран кара дІаделира шен къам, Шен долахь болчарна Иза оьгІазвахара.
Выбор основного перевода