Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Туьйсинчу деших негІарца цхьаьна ши каруб-малик де, уьш негІарна тІехь шина агІор хила деза. Тоьшаллин тІорказна тІехь долчу шина каруб-маликана юккъехь, негІарна тІехула хьуна дуьхьал а вогІур ву, хьоьга вист а хир ву Со. Цигахь Исраилан халкъана дан дезарг тІедуьллур ду Ас хьоьгахула». Дауд а, цуьнца долу массо адам а ЯхІуд-махкарчу БаІала-гІала дахара, цигара Делан деза тІорказ схьадан. Цу тІорказца йоьзна цхьа леррина цІе ю: массо а ницкъийн Везачу Элан цІе. ТІорказан негІар тІехь дина дІахІоттийна дашо ши каруб-малик ду. Царна тІехула ю Везачу Элан меттиг. Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: «Бертан лили» олучу мукъамехь ала езаш ю. Асайпан назма. Везачу Эло паччахьалла до: дегадойла халкъаш! Иза каруб-маликашна тІехула йолчу Шен Іаршана тІехь хиъна Іаш ву: дегадойла латта!
Выбор основного перевода