Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шен бедарш а этІийна, Везачу Элан тІорказна хьалха бертал а воьжна, сарралц Іиллира ЮшаІ. Цо а, исраилхойн къаноша а шайн кортош тІе чан юхкура, шаьш баланехь хилар гойтуш. КхоалгІачу дийнахь Шаулан меттаматтера волу цхьа стаг кхечира Дауд волчу. ТІера бедарш а этІийна, коьрта тІе йиллина чан а йолуш вара иза. Дауд волчу схьакхаьчча, лаьтта охьа а воьжна, цунна сужда дира цо. Цу беттан ткъе доьалгІачу дийнахь исраилхой схьагулбелира, марха а кхобуш, шайна тІехь сингаттаман духар а долуш, коьрта тІе тесна ченаш а йолуш.
Выбор основного перевода