Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Беталара дІа а бахана, Эпрати-гІалина уьш гена боцучу хенахь Рахьал беро хьовзийра. ЧІогІа холчохь йолуш, бала хьоьгура цо. Бер схьаоьцуш йолчу зудчо элира: «Кхера ма кхера, хьан кхин цхьа кІант хир ву». Шен са дІадалале Рахьала кІентан цІе Бен-Они тиллира (иза «сан баланийн кІант» бохург ду), амма дас Бен-Яман элира цунах (иза «сан аьтто куьйган кІант» бохург ду). Рахьал кхелхира. Эпрати-гІала (я Байтлахам) боьдучу новкъахь дІайоьллира иза.
Выбор основного перевода