Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Делан тІорказ пІелаштамхойн карадахара, ткъа Іелин ши кІант, Хьапний, Пайнехьассий, велира. Шилунехь динан да а волуш, динан дайша лелош йолу еза ийпад йоьхна волу АхьъяхІу а вара. (Иза вара Ахьтубин кІант, ткъа Ахьтуби Ихвадин ваша вара, Шилунехь динан да хиллачу Іелин кІентан Пайнехьасан кІант.) Цигахь долчу халкъана ЯхІуната дІавахнийла ца хаьара. Веза Эла! Деза суна Хьо Іаш волу цІа а, Хьан сийлалла шена чохь йолу меттиг а. Шеца бинчу бертан тІорказ Цо йийсаре дІаделира, Шен сийлаллин билгало мостагІийн кара дІаелира. Хьовса, хийциний цхьана а къомо шайн деланаш, церан метта кхин деланаш а лехна, уьш цхьана а тайпана деланаш боццушехь? Амма Сан къам шайн сийлаллин Делах дІа а къаьстина, хІумма а йоцучу цІушна тІедирзина. Дуьххьара Сан Іаш йолу меттиг дІахІоттийна йолчу Шилун-гІала а гІой, хьовса, Аса цу меттигна хІун бохам байтина, Сан Исраилан халкъо лелийна долу вонаш бахьана долуш.
Выбор основного перевода