Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ша и хІума дар бахьана долуш дага чу лазам боьссира Даудана. Цо шеца болчаьрга элира: «Везачу Эло доьхкийла суна Ша къобалвина волчу сан олахочунна тІе куьг дахьар, хІунда аьлча иза Везачу Эло къобалвинарг ву». Дауда Шауле элира: «„Дауд хьуна зулам дан гІерташ ву“ – бохуш, хьайга мотт беттачу нахе ла хІунда дугІу ахьа? Хьайна хьалха болчу ялхошка дечиган пондар лакха хууш волу стаг лахийта. Делера долу жин хьо волчу деача, цу стага пондар а локхуш, хьан дагна хьаам бийр бу». Везачу Эло нийса а, тешаме а волчу хІораннан а аьтто бо. Везачу Эло хьо сан кара схьавеллера, амма Цо къобалвинчунна тІе куьг дахьа ца лиира суна. Шаула шен герз лелош волчуьнга элира: «Хьайн тур баттара а даккхий, со вей дІаваккха, и дин доцу сунтбаза берш суна тІе а кхаьчна, цара со веле а, хьийзавале а». Амма герз лелориг, ша дукха кхераваларна, ца хІоьттира и дехар кхочушдан. ТІаккха Шаула, шен тур схьа а даьккхина, цунна тІе а вогІавелла, шех иза чекхдаьккхира. Дауда элира: «Хьайн Іожаллина хьо-хьуо ву бехке, хІунда аьлча ахьа-айхьа элира: „Аса вийра Везачу Эло къобалвинарг“».
Выбор основного перевода