Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дауд Абушайца цхьаьна буьйсанна уьш болчу вахара. Царна гира четар кІелахь вижина Іуьллуш волу Шаул. Цуьнан гоьмукъ гІовланна уллохь лаьттах боьллина бара. Абунар а, вуьш а гонах бийшина Іохкуш бара. Ткъа Везачу Эло суна доьхкийла Ша къобалвинчунна тІе куьг дахьар. Схьаэца цуьнан гІовлангахь болу гоьмукъ а, чохь хи долу кхаба а, вай хиллачу дІагІур ду вай». Дауд цу стагана чІогІа оьгІазвахара. Цо Натига элира: «Дийна волчу Делах дуй боу аса, и хІума дина волу стаг вен ма веза! Динан дега Абу-ЯтІарига Сулим-паччахьо элира: «Хьо вен хьакъ дара, амма хьайн лаьтта тІе Іанатот-гІала дІаваха могуьйту ас хьуна. Сан дас хьегна болу баланаш а хьоьгуш, сан дена Даудана хьалха вайн Хьалдолчу Элан деза тІорказ ахь лелийна дела, цкъа хІинца ца воьйтуш вуьту ас хьо».
Выбор основного перевода