Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Сан да! Сан карахь йолчу хьайн бедаран кийсаке хьажахьа, аса схьахадийна йолчу. И аьтто сайна баьлла боллушехь, аса хьо ца вийра. ХІинца мукъана а хаахьара хьуна сан дага чохь хьо бахьана долуш я вон хІума а, я ямартло а йоцийла. Аса хьо бахьана долуш къа ца латийна, ткъа хьо сан синна тІаьхьаваьлла ву, иза дІадаккха лууш. ХІинца мукъана а ладогІахьара сан олахочо шен лай волчо бохучуьнга. Нагахь санна Везачу Эло хьан дага чу со бахьана долуш оьгІазло кхоьллинехь, соьгара хаза хьожа йогІу сагІа дІаэцахьара Цо. Амма адамаша со бахьана долуш хьан дага чохь оьгІазло кхоьллинехь, Везачу Элана хьалха неІалт хилла дІахІуьттийла уьш, хІунда аьлча цара, со Везачу Эло суна делла долчу лаьттан декъа тІера хьала а гІаттийна, олуш ду: „Ваха а гІой, хийрачу къаьмнийн деланашна Іамал е“, – аьлла.
Выбор основного перевода