Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
И тамехь йолу хаза хьожа дІакхечира Далла. ТІаккха Шен дагахь Везачу Эло элира: «Адамаш жимчохь дуьйна зуламах дуьзна делахь а, кхин цкъа а неІалт кхайкхор дац Аса лаьттана адам бахьанехь. Кхин цкъа а хІаллакйийр яц Ас лаьттара са мел долу хІума. Шун гІаланех саьлнаш йийр ю Ас, аш цІушна Іибадат деш долу цІенош а дассор ду, аш деанчу сагІанех хьожа а йоккхур яц. Шамъала, зайтдаьтта чохь долу пхьегІа схьа а эцна, цу чуьра даьтта Шаулна коьрта тІе доьттира. Цунна оба а яьккхина, цо элира: «Везачу Эло Шен тІаьхьенна тІехь куьйгалхо ван хьо къобалвина. Схьахетарехь, паччахьо, ла а доьгІна, Дала суна а, сан кІантана а делла долу доьзалан латта хІаллакдан гІерташ волчун карара шен лай йолу со кІелхьарйоккхур ю“. Дауда Абушайга а, шен массо а ялхошка а элира: «Сох схьаваьлла волу сан кІант а со вен араваьлла хилча, хІокху бен-яманхочун хІун бехк бу? Іадвита иза, дохкийта цуьнга сардамаш, хІунда аьлча Везачу Эло цуьнга иштта аьлла. ХІунда аьлча Ахьа, Хьайн дола а баьхна, къастийна уьш Лаьттара массо а къаьмнашна юкъара, Ахьа Хьайн лай волчу Мусагахула ма-аллара, ва сан Хьалдолу Эла, Айхьа тхан дай Мисар-махкара арабаьхначу хенахь». ТІаккха НаІамана элира: «Иза иштта делахь, ахьа хьайн лай волчу суна шина вирбІарзане дахьалур долччул исраилхойн латта лохьа, хІунда аьлча аса кхин цкъа а доккхур дац дагоран сагІа а, сагІина хІума а яхьар яц цхьанна а кхечу деланашна, Веза Эла воцчунна.
Выбор основного перевода