Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ша лечу хенахь, шен кІанте Юсупе схьа а кхайкхина, цо элира: «Хьо суна реза велахь, сан кога кІел куьг а диллий, дош ло суна, хьо соьца дика а, суна тешаме а хир ву алий. Со Мисар-махкахь дІа ма воллалахь. Везачу Эло Мусага иштта элира: «Хьо дІакхелха денош тІекхочуш ду. ЮшаІ тІе а кхайкхий, гуламан четарна чу воллучохь совца. Ас иза Исраилан халкъана тІехь куьйгалхо санна къобалвийр ву». Муса а, ЮшаІ а, ший а схьа а веана, гуламан четарна чу воллучохь сецира. Тховса кхузахь буьйса яккха. Нагахь санна кхана цо хьо тІеэцахь, дика хир ду. Ткъа хьо тІелаца цунна ца лаахь, ас тІелоцур ю хьо. Аса иза дийна волчу Везачу Элах чІагІо йо! ХІинца дІайижа сахиллалц». Итт де даьлча, Везачу Эло туьйхира Набална, иза велира. Иштта велира цу дийнахь Шаул а, цуьнан кІентех кхо кІант а, цуьнан герз лелориг а, цуьнан массо стаг а.
Выбор основного перевода