Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шаулан зудчун цІе АхьнуІмат яра. Иза АхьимаІацан йоІ яра. Цуьнан эскаран хьаькаман цІе Абунар яра. Иза Шаулан ден вешин Неран кІант вара. Дауд, Іуьйранна хьалххе хьала а гІаьттина, шен уьстагІий хехочуьнга дІа а делла, шен мохь схьа а эцна, Юшайс шена тІе-ма-диллара, эскар лаьтташ долчу дІавахара. ХІара дІакхаьчначу хенахь эскархой тІом бечу могІаршкахь дІахІиттина лаьттара. Маьхьарий а детташ, тІамана кечлуш бара уьш. ПІелаштамхочуьнца Дауд лата воьдуш шена гича, Шаула эскаран хьаькам волчу Абунаре элира: «Абунар, иза хьенан кІант ву?» Абунара элира: «Дийна волчу сайх чІагІо йо ас, ва паччахь, суна иза билггала ца хаьа».
Выбор основного перевода