Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
цо кхо эзар исраилхо шена дІахаьржина. Ши эзар стаг Шаулаца Бетал-ломана уллорачу Михмасехь вара, цхьа эзар стаг ЯхІунатица Бен-Яманарчу ГибаІ-гІалахь вара, ткъа кхин болу нах Шаула шайн-шайн цІа бахийтинера. Зип цІе йолчу яьссачу арахь йолчу чІагІйинчу меттигашкахула а, лаьмнашкахула а лелаш вара Дауд. Шаул иза хІора дийнахь лохуш вара, амма Дала цуьнан кара ца вохуьйтура Дауд. Шаул пІелаштамхой болчуьра юхавирзича, цуьнга хаам бира: «Дауд Іейн-ГІади олучу яьссачу аренгахь ву», – аьлла.
Выбор основного перевода