Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дауд а хьалагІаьттира. Хьеха чуьра ара а ваьлла, цо Шаулна тІаьхьа мохь туьйхира: «Сан паччахь волу олахо!» – аьлла. Шаул юхахьаьжча, Дауд, цунна лаьтта кхаччалц охьа а таьІна, гора хІоьттира. Тахана хьан бІаьргашна гуш ма ду, эццахь йолчу хьеха чохь Везачу Эло хьо сан кара схьавелла хилар. Соьга, хьо ве бохуш, хьехарш деш берш а бара хьуна. Амма аса, хьох къинхетам беш, элира: „Аса сайн олахочунна тІе куьг хьур дац, хІунда аьлча иза Везачу Эло къобалвинарг ву“. Сан да! Сан карахь йолчу хьайн бедаран кийсаке хьажахьа, аса схьахадийна йолчу. И аьтто сайна баьлла боллушехь, аса хьо ца вийра. ХІинца мукъана а хаахьара хьуна сан дага чохь хьо бахьана долуш я вон хІума а, я ямартло а йоцийла. Аса хьо бахьана долуш къа ца латийна, ткъа хьо сан синна тІаьхьаваьлла ву, иза дІадаккха лууш. Везачу Эло къастайойла вайшиннан юкъаметтиг. Дала бекхам бойла хьуна со бахьана долуш. Амма сан куьг-м хьакхалур дац хьох. Хьалхалерчу заманчохь ма-аллара: „Зулам зуламечу нахера бен ца долу“. Аса хьуна тІе куьг хьур дац.
Выбор основного перевода