Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дебирас Баракхе элира: «Тахана Везачу Эло Сисра эшо ницкъ лур бу хьуна. Вало, Веза Эла хьуна хьалхаваьлла хир ву». Баракх, шеца итт эзар стаг а волуш, Табур-лам тІера охьавоьссира. Цо элира: «Ма кхера. Сан ден Шаулан куьг хьуна тІекхочур дац. Исраилан махкахь паччахь хир ву хьо, ткъа со хьуна уллохь шолгІа меттиг дІалаьцна хир ву. Сан дена Шаулна иза хууш ду». Хьан лай йолчу суна къинтІера валахьара хьо. Везачу Эло сан олахочун тІаьхье билггал чІагІйина дІахІоттор ю, хІунда аьлча Везачу Элан тІемаш схьабахьаш вогІуш ву сан олахо. Хьо мел веха зуламе дерг ца даьлла хьох. Нагахь санна хьо вен дагахь хьуна цхьаъ дуьхьалвалахь, сан олахочун са хьан Везачу Делан дахаран шедан юккъехь дІадихкина хир ду, ткъа хьан мостагІийн са Цо, ширдолагца кхоьссича санна, дІакхуссур ду. Веза Эла Ша лерина долу массо а дика сан олахочунна дина ваьлча, Цо иза Исраилан халкъана тІе баьчча вина дІахІоттор ву. Абушайс Дауде элира: «Дала хьан мостагІа хьан кара схьавелла. Соьга иза, цкъа гоьмукъ тоьхна, лаьттах дІалатавайтахьа. Аса цунна шолгІа тухур яц хьуна».
Выбор основного перевода