Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Зип цІе йолчу яьссачу арахь йолчу чІагІйинчу меттигашкахула а, лаьмнашкахула а лелаш вара Дауд. Шаул иза хІора дийнахь лохуш вара, амма Дала цуьнан кара ца вохуьйтура Дауд. Иза мичахь хуьлу, мичахь дІалечкъа дикка хьовса. Цунах билггала бакъдерг дахьаш схьадуьйла. ТІаккха со а вогІур ву шуьца. Иза кху лаьтта тІехь велахь, аса лохур ву, массо а ЯхІуд-махкахь болчу доьзалшна юкъахь лаха везахь а». Везачу Элана геннахь долчу лаьтта тІе сан цІий ма Іанадайтахьара ахьа. Исраилан халкъан паччахь цхьа сагал лаха араваьлла, лаьмнашкахь цхьана мошанна тІаьхьабевлла леларш санна». хІунда аьлча, лоьмо санна, со хьаьшна, сан са доккхур ду цара, кІелхьарвоккхург суна уллохь воцучу хенахь. Хьан нийсо лекха лаьмнаш санна ю. Хьан кхел кІорга хІордаш санна ю. Адамаш а, бежанаш а Іалашдо Ахь, Веза Эла!
Выбор основного перевода