Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Сан да! Сан карахь йолчу хьайн бедаран кийсаке хьажахьа, аса схьахадийна йолчу. И аьтто сайна баьлла боллушехь, аса хьо ца вийра. ХІинца мукъана а хаахьара хьуна сан дага чохь хьо бахьана долуш я вон хІума а, я ямартло а йоцийла. Аса хьо бахьана долуш къа ца латийна, ткъа хьо сан синна тІаьхьаваьлла ву, иза дІадаккха лууш. Даудана, Набал велла аьлла, дІахезира. Цо элира: «Хастам бу Везачу Элана, со юьхьІаьржачу хІотто гІиртина волчу Набална таІзар дина волчу а, вон ца дойтуш, Шен лай кІелхьарваьккхина волчу а Везачу Эло Набалан зулам цуьнан шен коьрта тІе дерзийна». АбигІале, иза шена маре дІаюьгу ша аьлла, дІаала бахийтира цо. Даудан назма. Веза Эла, валахьа дуьхьал соьца къовсаме бевллачарна. Эшам бехьа, Веза Эла, суна дуьхьалбевллачарна. Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Кхорахьан тІаьхьенан хьехаме назма. qac Чqac*ІагІо Айхьа ма-ярра, со кІелхьарваккхахьа. Сан къовсам къаста а беш, со паргІат а ваккхахьа. Бавелна го а бай, тІамана кечло. СекхаІедаш кхуьссурш, гІалехьа дІахеца шайн пхерчий, уьш кхоа а ма де, хІунда аьлча цо Везачу Элана дуьхьал къа латийна.
Выбор основного перевода