Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Беар-ШабаІна гена доццуш тамариск цІе йолу дитт а доьгІна, цу меттигана уллохь Везачу Эле, гуттар а волчу Деле кхайкхира ИбрахІима. Схьало тхан кара Шаулан тІаьхьенах волу ворхІ стаг. Оха уьш Везачу Элана хьалха Цо къобалвина волу Шаул схьаваьлла йолчу ГебаІ-гІалахь ирхъухкур бу». Паччахьо элира: «Аса уьш шуьга дІалур бу». Шаулан кІентан ЯхІунатин кІант волчу Мапи-Бошатах къинхетам бира паччахьо, хІунда аьлча Дауданий, ЯхІунатиний юкъахь Везачу Элана хьалхахь йина чІагІо хилла. Дауда цаьрга Армунний, Мапи-Бошаттий дІавелира. Уьш бара Шаулна АяхІун йоІа Рицпата бина болу кІентий. Цо иштта Шаулан йоІа Мирабас вина волу пхи кІант а дІавелира. Уьш бара Шаулан йоІа Махьуларчу Барзалайн кІантана Іадриалана бина.
Выбор основного перевода