Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ЯхІудана евзира и хІуманаш, цо элира: «Сан болчул а бехк бац цуьнан, хІунда аьлча ас сайн кІанте Шейле иза дІа ца елира». Кхин цуьнца дІа ца вижира ЯхІуд. Шаула элира: «Къа латийна аса сайх. ЦІа верза, сан кІант Дауд. Аса сайгара кхин зулам доккхур дац хьуна. Тахана ахьа гайти, сан са хьуна деза хетийла. Корта боцуш долу хІуманаш лелийна хилла аса, сайх дукха къинош а летош». Ткъа Аса боху шуьга: шайн мостагІий беза, хьайна зулам деш берш Деле беха – Вонна дуьхьал вон ма даккха, сийсазварна дуьхьал сийсазвар, мелхо а декъалве шайна вон болх бинарг. ХІунда аьлча шу цу балхана кхайкхина ду, ткъа шуна Делера декъалдар хир ду.
Выбор основного перевода