Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха Сарета элира Ибраме: «Со дегабаам болуш хиларна бехке хьо ву. Аса сайн ялхо хьуна елира, ткъа хІинца ша доьзалхочух хилча, сол а лакхара хета цунна. Везачу Эло къастадойла, тхойшиннах нийса мила ю». ИбрахІиман а, Нахьиран а, церан ден а Дала кхел йойла вайна». Шен дас Исхьакха ма-аллара, Кхерамечу Делах чІагІо йира Якъуба. Хьуна хьалхахь цхьана а тайпана бехк бац сан, ткъа хьо, суна тІамца дуьхьал а ваьлла, вонаш деш лелаш ву. Кхелахо волчу Везачу Эло йойла вайна юкъахь кхел, исраилхошний, Іамминхошний юкъара Цо хоржийла бехке верг“». Дийна волчу Везачу Элах чІагІо йо ас, Цо Ша цунна бекхам бийр бу. Иза лийр волу де тІекхочур ду, я, тІам тІе а вахана, цигахь лийр ву иза. Хьан метта со хилча, Аюб, со Далла тІе воьрзур вара, сайн гІуллакх аса Цунна хьалха дІахІоттор дара. Сан хьоменаш! Цкъа а бекхамаш бан ма гІерталаш, ткъа иза Делан кара дІалолаш. Яздина ма ду: «„Бекхам Соьгахь бу, Ас хьакъ дерг дІалур ду“, – боху Везачу Эло».
Выбор основного перевода