Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ЯхІунатина, ша санна, Дауд везавалар бахьана долуш, Даудаца даггара доттагІалла лело барт бира цо. ЯхІунатас Даудан цІенца барт беш элира: «Везачу Эло кхел йойла Даудан мостагІашна!» ЯхІунатас Дауде элира: «Марша гІойла хьо. Вайшиммо Везачу Элана хьалха вовшашна чІагІо йинера. Веза Эла хьуна а, суна а юкъахь, иштта хьан тІаьхьенна а, сан тІаьхьенна а юкъахь гуттаренна а Теш ву». Цу шиммо Везачу Элана хьалха барт бира. Дауд Хьорша олучу меттехь висира, ткъа ЯхІуната шен цІа вахара. Абушалама, цунна жоп луш, элира: «Аса хьоьга кхайкха бахийтира, паччахье хаттар дайта: „Гешурара со схьа хІунда валийна? Суна цигахь Іийнехь атта хир дара“. Паччахьан юьхь ган лаьа суна. Нагахь санна со бехке велахь, со, вей, дІаваккхийта цуьнга». Шаулан кІентан ЯхІунатин кІант волчу Мапи-Бошатах къинхетам бира паччахьо, хІунда аьлча Дауданий, ЯхІунатиний юкъахь Везачу Элана хьалхахь йина чІагІо хилла.
Выбор основного перевода