Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха Дауда ЯхІунате элира: «Кхана бутт цІинбаларан дезде ду. Со паччахьна уллохь шуьнехь Іан везаш ву. Амма ахьа со дІавахийтахьара, кхоалгІачу дийнан суьйре тІекхаччалц, со аренгахь къайлавер вара. Хьан да со бахьана долуш сагатдеш хилахь, ахьа ала деза: „Дауд, соьгара пурба а даьккхина, Байтлахам-гІала вахана, цигахь шен гергарчара хІора шарахь цкъа доккхуш долчу сагІанехь дакъалаца“. Цо ша массо а хенахь хууш волу меттиг дІалецира. И меттиг пенна уллохь яра. Шаулна дуьхьал ЯхІуната охьахиира. Ткъа Абунар Шаулна уллохь хиира. Даудан меттиг яьсса яра. Бутт цІинлуш болчу денна лерина долу той дІахьочу шолгІачу дийнахь а Даудан меттиг яьсса яра. ТІаккха Шаула ЯхІунате хаьттира: «Юшайн кІант селхана а, тахана а тойнехь хІунда вац?»
Выбор основного перевода