Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьан дахарехь хьуна дуьхьало ялуш цхьа а хир вац. Мусаца ма-хиллара, хир ву Со хьоьца а, хьох къаьстар а вац Со, хьо дІа а тосур вац Ас. Мусага ма-доггІара, хьоьга а ладугІур ду оха, ткъа хьан Веза Дела, Мусаца санна, хуьлийла хьоьца! Хьо лийр йоллучохь со а лийр ю, циггахь дІа а юллур ю. Везачу Эло Шен лааме хьаьжжина луьра таІзар дойла суна, Іожалло бен со хьох къастор яц». ТІаккха Іелас элира: «Хьоьга хІун элира? Хьайга аьллачух хІумма а къайладаккха ма гІерта. Дала хьуна чІогІа таІзар дийр ду, ахьа сох хІумма а къайладаккхахь». ХІара билгалонаш хьайна тІехь кхочушхиллачул тІаьхьа хьайга далург де, хІунда аьлча хьоьца Дела ву. Дауда кхин а элира: «Лоьмах а, ченах а со кІелхьарваьккхина волчу Везачу Эло со оцу пІелаштамхочун куьйга кІелара а воккхур ву». ТІаккха Шаула Дауде элира: «Вало, гІо цига. Веза Эла хьоьца хуьлийла». Веза Эла сан паччахь волчу олахочуьнца ма-хиллара, иштта хуьлийла Иза Сулимца а, сан олахо волчу Даудан паччахьаллел а, лакхадоккхийла Цо Сулиман паччахьалла а». Ткъа хІинца, сан кІант! Хуьлийла Веза Эла хьоьца, Ша хьох лаьцна аьлла ма-хиллара, хьайн Везачу Далла ахь цІа дарна тІехь хьан аьтто боккхийла Цо.
Выбор основного перевода