Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Бутт а цІинбелла, я кхин долу деза денош тІе а хІиттина, шайн самукъане хан елахь, цунна лерина дийнаташ дагоран а, барт баран а сагІанаш шаьш дохучу хенахь турбанаш лакха. Иза шун Далла шу дагадаийтар хир ду. Со Веза Эла волу шун Дела ву». «ХІора беттан хьалхарчу дийнахь Везачу Элана лерина дийнаташ дагоран сагІанаш даха. Иштта дийнаташ дан деза аша: шайна тІехь цхьа а сакхт доцу ши старгІа, цхьа ка, шо кхаьчна болу ворхІ боьрша Іахар. Цундела ЯхІунатас Дауде элира: «Сан да Шаул хьо вен бахьанаш лоьхуш ву хьуна. Кханалерчу дийнахь ларлуш хилалахь. Цхьанхьа къайла а валий, Іелахь. Ткъа со, сайн деца эрна ара а ваьлла, хьо волчохь дІахІуттур ву. Хьох лаьцна къамел дийр ду аса цуьнца, сайна хиънарг хьоьга дІа а дуьйцур ду». ЯхІунатас цуьнга элира: «Кхана бутт цІинбаларан дезде ду. Хьан меттиг яьсса гича, хьо коьртах воккхур ву.
Выбор основного перевода