Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Нагахь Далла хьалха цІена воцучу стага Везачу Элана леринчу бертан сагІин жижиг даахь, иза шен халкъана юкъара дІаваккха веза. Нагахь цхьа стаг, Далла хьалха цІена йоцучух – адамах я дийнатах, я текхаргех – а хьакхавелла, бертан сагІин жижиг даа хІоттахь, иза шен халкъана юкъара дІаваккха веза». Цо жоп делира: «ВогІу. Со Везачу Элан дуьхьа сагІа даккха вогІуш ву. Делан дуьхьа дІа а къастий, соьца сагІа доккхучу дуьйла». Шамъала Юшай а, цуьнан кІентий а Далла хьалха дІахІоттабан кечбира. Уьш а кхайкхира цо сагІа доккхучу.
Выбор основного перевода