Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дауд а хьалагІаьттира. Хьеха чуьра ара а ваьлла, цо Шаулна тІаьхьа мохь туьйхира: «Сан паччахь волу олахо!» – аьлла. Шаул юхахьаьжча, Дауд, цунна лаьтта кхаччалц охьа а таьІна, гора хІоьттира. Цо кхин а тІетуьйхира: «Муьлхачу бахьанина ваьлла сан эла шен лай волчунна тІаьхьа? ХІун даьлла соьгара? Стенна бехке ву со? Эли-ЯхІус ЭлишаІе элира: «ЭлишаІ, хьо кхузахь сацахьа, хІунда аьлча со Везачу Эло Бетал-гІала хьажийна». Ткъа ЭлишаІа жоп делира: «Дийна волчу Везачу Элах а, дийна волчу хьох а чІагІо йо ас, со хьох дІакъаьстар вац аьлла». И шиъ Бетал-гІала дІавахара
Выбор основного перевода