Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ПІелаштамхочунна дуьхьал иза, шех лаьцна ойла а ца еш, велира, шен дахар боккхачу кхерам кІел а хІоттийна. Везачу Эло боккха толам баийтира Исраилан махка. Иза гина волу хьо а ма вара воккхавеш. Стенна гІерта те хьо, цхьа а бахьана доцуш, Дауд вен а вийна, бехк боцу цІий а Іанийна, зулам даккха?» Пулата хаьттира: «ХІунда? Цо хІун зулам дина те?» Амма цара кхин а чІогІа маьхьарий хьоькхура: «ЖІарах дІатоха!» – бохуш. Пулата кхозлагІа а хаьттира: «ХІунда? Цо хІун зулам дина те? Иза вен Цуьнгара даьлла цхьа а хІума ца карийна суна. Ас шодмаш а еттийтина, дІахоьцур ву Иза!»
Выбор основного перевода