Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дауда хаьттира: «Шаулан цІийнах цхьа а дийна висний те? Аса цунна дика гІуллакх дийр дара ЯхІунатин дуьхьа». Паччахьо элира: «Шаулан цІийнах волу кхин цхьа а вуй дийна висна? Аса цунна дика гІуллакх дийр дара, Далла хьалха айса чІагІо ма-ярра». Цубас паччахье элира: «ЯхІунатин кІант ву, когашна астагІа а волуш». Дауда цуьнга элира: «Кхера ма лолахь. Хьан ден ЯхІунатин дуьхьа аса дика гІуллакх дийр ду хьуна: Хьан деден Шаулан тІаьхьенан массо а латтанаш хьуна юхадерзор ду, ткъа хьо массо а хенахь сан шуьн чуьра кхача баа йиш йолуш а хир ву». Шаулан кІентан ЯхІунатин кІант волчу Мапи-Бошатах къинхетам бира паччахьо, хІунда аьлча Дауданий, ЯхІунатиний юкъахь Везачу Элана хьалхахь йина чІагІо хилла.
Выбор основного перевода