Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Тимофею
1 2 3 4 5 6
Параллельные места
КІезиг хІума а долуш, Везачу Эле болчу ларамах вуьзна хилар гІоле ду, шортта хьал а долуш, гІайгІане хуьлучул. «Цундела Аса боху шуьга: дахаран дуьхьа юучунна, молучунна са ма гатде. Шайн дегІан дуьхьа духарна а са ма гатде. Шун дахар юучул дезах ду шуна, ткъа дегІ духарал дезах ду. Хьовсал стигаларчу олхазаршка! Цара хІумма дІа а ца йоь, хьакха а ца хьокху, ялташ чу а ца дерзадо. Амма стигалахь волчу шун Дас уьш кхобу. Шун дахар олхазарийнчул а дораха ду теша? Я шуьга цу тайпана сагатдарца шайн дахар цхьана сахьтана дахдалийталур ду теша? Бедар бахьана долуш са хІунда гатдо аша? Хьажал аренгахь тІедолуш долчу петІамат-зезагашка. Цара цхьа а тайпана къа а ца хьоьгу я шайна бедарш а ца тоьгу. Амма Ас боху шуьга, ур-атталла шен хьолан возаллехь Сулим-паччахь а ца кечлора цу зезагех муьлхха а санна. Иштта эрна арахь тІедолуш долу зезагаш а Дала цу тайпана кечдеш хилча, кхана уьш цІергахь догур доллушехь, шу кхин а чІогІа кечдийр ма ду, Делах кІезиг тешаш дерш. Цундела кест-кестта: „Оха хІун юур ю теша?“, я: „ХІун мер ю теша?“, я: „ХІун тІеюхур ю теша?“ – бохуш, шайн са ма гатде. Цу тайпана сагатдо кхечу къаьмнех болчу наха. Ткъа шун стигалахь шайн Да ву, шуна мел оьшург хаа а хууш. Уггар хьалха Делан Олалла а, Цуьнан лаам а лаха. Важа дерриг а Дала шуна лур ду. Кханенна сагатдеш ойла ма е – цуьнан шен Да ву. ХІора де а шен гІайгІа яхьаш догІу». Аса доггах сатуьйсу, сан хьоме вежарий! Шу ду сан ирс а, сан толаман таж а. Иштта, хьоменаш, аса хІинцца ма-дийццара, чІогІа латталаш Везачу Элаца доьзна долчу шайн дахарехь. Аса доьху хьоьга, Авуди, иштта хьоьга а доьху ас, Синтахи, вовшашца бертахь хилийша. Шуьшиъ цхьатерра Везачу Элан долахь ма ву! Иштта хьоьга а, сан тешаме волу СезагІ, гІо дар доьху аса оцу зударшна. Хаза кхаъ баржош, аса бинчу балха тІехь Кала-Ментица а, кхиболчу сан накъосташца а дакъалаьцнера цара. Церан цІераш дахаран тептар тІе дІаязйина ю. Везачу Элаца а долуш, даим а даккхийде. Юха а боху аса: даккхийде! Массо а адамашна йовзийла шун эсалалла. Веза Эла гергга ву. Цхьана а хІуманан гІайгІа ма е, амма мел дечу доІанашкахь а, дехаршкахь а, баркалла а кхайкхош, шайна оьшург Деле дІахаийта. ТІаккха, шун муьлххачу а кхетамал лакхара а йолуш, Делера схьайогІучу синпаргІатоно шун дегнаш а, шун хьекъалш а лардийр ду, шу Дала леррина къобалвинчу Іийсаца доьзна долу дела. Ткъа хІинца, динан вежарий, дика мел дерг а, хастаме дерг а дагахь латтаде. Билггал бакъдолчух, оьзда долчух, нийса долчух, цІена долчух, тамехь долчух, дозалла дан хьакъ долчух ойланаш е. Соьгара шайна Іеминарг, дІаэцнарг, хезнарг, гинарг кхочушделаш. ТІаккха синпаргІатонан хьоста долу Дела шуьца хир ву. Везачу Элаца воьзна а волуш, дикка хазахетар хилла ву со, шун юха а сан гІайгІа бан аьтто баьлла дела. Бакъду, шу-м хІинццалц а дара сан гІайгІа беш, амма шун аьтто ца болура иза суна хаийта. Сайна цхьа хІума оьшу дела, ца боху аса иза. ХІунда аьлча сайна хІуъа а тІедеача а, со Іемина ву сайн долчух тоам а беш Іен. Суна къоьлла а евзина, хьал а девзина. Муьлххачу хенахь а, муьлххачу меттехь а сайн долчух тоам баран къайле евзина суна – со вуьзна я меца велахь а, со шортта хІума долуш я хІума оьшуш велахь а. ХІунда аьлча мелла а пайда хуьлу шен дегІ чІагІдархьама къахьегарх, ткъа суьпа хила Іамар массо а агІор пайдехьа ду. Цуьнгахь ю хІинцалерчу а, хиндолчу а дахарна йина чІагІо.
1. Тимофею
1 2 3 4 5 6
Выбор основного перевода