Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Тимофею
1 2 3 4 5 6
Параллельные места
тІаккха шун Везачу Дала шун аьтто юхаметтахІоттор бу, шух а къинхетам бийр бу Цо. Шун Везачу Дала, массо а халкъашна юкъа дІасадаржийна долу шу, схьа а гулдина, цхьаьнатухур ду. Иза а аьлла, церан бІаьргашна хьалха стигала хьалаваьхьна волу Іийса мархи юкъахь кхарна гучуьра къайлавелира. Мурдаш леррина стигала хьоьжуш лаьттара Иза хьалахьочу хенахь. ЦІеххьана царна хьалха кІайн духар тІехь долу ши стаг дІахІоьттира. «Галилай-мехкан бахархой, – элира цара, – шу хІун деш лаьтта, стигала а хьоьжуш? Шу долчуьра Іийса стигала хьалавоккхуш шуна гина ма-хиллара, Иза иштта юха а вогІур ву». Со теша, шуна чохь и дика гІуллакх дан Долийначо, Дала леррина къобалвина Іийса вогІун волу де тІекхаччалц, иза кхочушдийр дуйла. ТІаккха гучувер ву зуламех вуьзна волу и стаг. Веза Эла волчу Іийсас Шен багарчу Іаьнарца вуьйр ву иза, Шен схьаваран дозаллица иза хІаллак а вийр ву.
1. Тимофею
1 2 3 4 5 6
Выбор основного перевода