Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Тимофею
1 2 3 4 5 6
Параллельные места
Леш, адамаш долчу олахошна кхерамца а, ларамца а цІеначу дагца муьтІахь хила, Дала леррина Къобалвинчунна муьтІахь шаьш ма-хиллара. Собаре а, цІена а, шайн доьзалийн бала болуш а, дола деш а, дика хила безарх а, шайн майранашна муьтІахь хила безарх а кхетабе уьш, цхьаьнгге а Делан дашах лаьцна вониг ца алийтархьама. Иштта къона божарий а кхетабе собаре хила массо а хІуманна тІехь. Царна хьайгара дика масал гойтуш хилалахь. Хьайн хьехамашкахь догцІена а, оьзда а хила. Хьайн хьехам цІена хилийта, тІехтохам бан йиш а ца хуьлуьйтуш, хьайн мостагІа, юьхьІаьржачу а хІоьттина, вайх лаьцна ала цхьа а вон хІума доцуш витархьама. Лешна а хьеха шайн олахошна муьтІахь хила безарх а, цара олахошна массо а хІуманна тІехь там бан безарх а, олахошна уьш дуьхьал лен ца безарх а лаьцна. Къола а ца деш, тешаме уьш хила безар а хьеха царна, цара лелош долчу дерригено а вайн КІелхьардохург волчу Делах лаьцна хьехамаш хазбархьама.
1. Тимофею
1 2 3 4 5 6
Выбор основного перевода