Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Тимофею
1 2 3 4 5 6
Параллельные места
Уллорачун догъэца похІма хьан делахь – догъэца. Хьайн йолчу хІуманийн кхечаьрца дакъа дан похІма хьан делахь, уьш комаьрша дІасаекъа. Куьйгалла дан похІма хьан делахь, доггах куьйгалла де. Къинхетам баран похІма хьан делахь, иза а хазахетарца де. Делан нехан эшамехь дакъалоцуш хилалаш, хьеший доггах тІеэцалаш. Шен дикачу гІуллакхашца нахана евзина а елахь, шен бераш а кхиош, хьеший дика тІе а оьцуш, шаьш лахара хоьтуьйтуш долу гІуллакхаш Делан нахана а деш, хало хьоьгуш болчарна гІо а деш, муьлхха а дика гІуллакх дан а гІерташ елахь, иза дІаязъян тарло. И дош бакъ ду. Цундела суна а лаьа оцу тІехь хьо латта, Делах тешнарш дика гІуллакхаш дарна тІехь кхиамаш баха гІертийтархьама. Иза дика а ду, адамашна пайден а ду. Диц ма делаш диканиг дан а, вовшашна оьшург шайна юкъахь декъа а, хІунда аьлча иштта сагІанаш Далла тамехь ду.
1. Тимофею
1 2 3 4 5 6
Выбор основного перевода