Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Тимофею
1 2 3 4 5 6
Параллельные места
Массо а хенахь бакъйолу кхел бен ма елаш, шаьш дийна хилийтархьама а, шайн Везачу Дала шайна луш долу латта дола даккхархьама а. Іийсах тешар доцучаьрца цхьана дукъа кІел ма лелийша. ХІун юкъаметтиг ю те бакъдолчунна а, харцдолчунна а юкъахь? ХІун уьйр ю те серлонна а, боданна а юкъахь? ХІун барт бу те Дала леррина Къобалвинчунна а, иблисана а юкъахь? ХІун цхьаалла ю те тешаш волчунна а, тешаш воцчунна а юкъахь? ХІун цхьаьнадогІург ду те Делан цІенна а, цІушна а юкъахь? Тхо дийна волчу Делан цІа ма ду! Дала Ша ма-аьлла: «Царна юкъахь вехар ву Со, уьш болчохь лелар ву Со. Со церан Дела хир ву, ткъа царах Сан халкъ хир ду». Цундела Везачу Эло боху: «Царна юкъара дІа а довлий, царах дІакъасталаш. Суна хьалха боьха долчу хІуманах ма хьакхалойша, тІаккха Аса тІеоьцур ду шу». Делахь а Дала дІахІоттийна болу онда бух чІогІа лаьтташ бу. Цунна тІе дІаяздина хІара дешнаш ду: «Везачу Элана бевза Шен долахь берш». Кхин а боху: «ХІора а, ша Везачу Элан ву бохург, зуламах къахка веза». Муьлххачу а доккхачу цІа чохь дашо а, дато а пхьегІаш хилла а ца Іаш, дечигах а, кхийра поппарх а йина йолу пхьегІаш а хуьлу. Царах цхьаерш дезачу гІуллакхна лерина хуьлу, вуьш ларамазчу гІуллакхна лелош хуьлу. Иштта массо а вон долчух цІанвелларг а хир ву лакхарчу гІуллакхна хаьржина, язйина йолу и пхьегІа санна. Иштта стаг а ма хуьлу шен Олахочунна тешаме а, пайден а, массо а дикачу гІуллакхна кийча а. Къоначийн сийсазчу лаамех вадалахь. ЦІеначу даггара Везачу Эле кхойкхучаьрца лаха нийсо а, тешар а, безам а, синан паргІато а.
1. Тимофею
1 2 3 4 5 6
Выбор основного перевода