Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Тимофею
1 2 3 4 5 6
Параллельные места
Амма Іийса вист ца хилира. Динан коьртачу дас Цуьнга элира: «Дийна волчу Делан цІарах тІедуьллу Хьуна: алал тхоьга, Хьо вуй Делан КІант волу Дала леррина Къобалвинарг?» Іийсас жоп делира: «Сан Пачхьалкх кху дуьненара яц. Нагахь Сан Пачхьалкх кху дуьненара елахьара, Сан ялхой, Со динан куьйгалхойн кара ца вахийта, Сан дуьхьа летар бара. Ткъа хІинца Сан пачхьалкх кхузара яц». ТІаккха Пулата элира Іийсага: «Хетарехь, Хьо хІетте а Паччахь ву-кх?» Іийсас жоп делира: «Ахь боху-кх Со Паччахь ву. Со кху дуьнен чу веана бакъдолчух тоьшалла дархьама. Муьлххачо а, ша билггал бакъдолчух волчо, ладугІу Сан озе». Делан Йозанаш тІехь яздина ма-хиллара: «Аса хьо дуккхачу а къаьмнийн да вина». ИбрахІим вайн да хилира ша тешна волчу а, белларш денбеш волчу а, гуш доцург гуш деш волчу а Далла хьалха.
1. Тимофею
1 2 3 4 5 6
Выбор основного перевода