Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Тимофею
1 2 3 4 5 6
Параллельные места
Оцу къовсамашкахь дакъа лоцуш болчара шаьш массо а хІуманна тІехь юхаузу. Уьш иштта лела, телхина дІадер долу толаман таж шайна кхачийтархьама, ткъа вай иштта лела, ваьшна телхар доцу таж кхачийтархьама. Цундела со, шена хьалха цхьа Іалашо хІоттийна воцург санна, вада а ца воду, хІаваана куьг детташ верг санна, лата а ца лета. Хьехам бо ас хьуна, сан кІант Тимапи! Хьох лаьцна Делера хиллачу хаамашца а доьзна, иштта весет до ас. Ахьа оцу весеташца, дикачу тІемалочо санна, къовсам латтабойла, Дуккха а тешаш а болуш, хьайна соьгара хезна болу хьехамаш дІалолахь тешамечу нахе, кхечарна хьеха хьуьнар долчаьрга. Дакъалацахьа ас хьоьгучу баланашкахь, Дала леррина къобалвинчу Іийсан дикачу тІемалочо санна. Цхьа а дика тІемало шен цІерачу гІуллакхашна тІера ца хуьлу, эскаре кхайкхинчу хьаькамна муьтІахь хила лууш. Ткъа къийсадаларшкахь дакъалоцучунна толаман таж кхочур дац, нагахь санна иза, бакъонаш лар а еш, къовса ца веллехь. Къахьегна волчу ахархочунна уггар хьалха дІакхачо деза ша бинчу белхан кхачанан дакъа. Ойла елахь аса дуьйцуш долчун. И массо а хІума хаа кхетам лур бу хьуна Везачу Эло.
1. Тимофею
1 2 3 4 5 6
Выбор основного перевода