Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Далла бу хастам! ХІетахь къинан леш шу хиллехь а, хІинца шаьш муьтІахь динчу хьехаман кепехь даггара къарделла шу. Цхьанна хьекъал долу дош ло Делан Синехула, ткъа оццу Синехула вукхунна кхетаман дош ло. Сан динан вежарий! ЖамІ а деш, суна ала луург хІара ду. Шу цхьаьна гуламе гулделча, шун хІораннан а хуьлу я назма, я хьехам, я Дала довзийтина хІума, я тамашийначу маттахь болу хаам, я шух цхьаммо цу хааман маьІна дуьйцу. Аша мел дийриг а шун динан тобанан чІагІонна хуьлийла. Со вахара, Дала, цига со ваха веза аьлла, сайна схьадиллина дела. ТІаккха айса кхечу къаьмнашна юкъахь кхайкхош болу хаза кхаъ цигахь болчу динан вежаршна а бовзийтира аса. Амма аса иза, массо а халкъана юкъахь доцуш, шун керла векалш болчуха лелачарна юкъахь дІабовзийтира, айса хьалха дина а, хІинца до а гІуллакх эрна ца хилар хаархьама.
Выбор основного перевода