Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Ткъа зудчуьнга Везачу Дала элира: «Хьо доьзалхочух йолуш лазарш чІагІдийр ду хьан, лазаршца доьзалхо а хир ву хьан. ТІаккха майрачуьнга сатуьйсуш хир ю хьо, ткъа иза хьуна тІехь олалла деш хир ву». Амма суна шуьга дІахаийта лаьа, хІора боьршачу стагана коьртехь верг Дала леррина Къобалвинарг хилар. Зудчунна коьртехь – майра ву. Ткъа Дала леррина Къобалвинчун коьртехь верг Дела ву. Ткъа муьлххачу а, шен коьрта тІехь хІума а йоцуш, доІа деш я Делера болу хаам бовзуьйтуш йолчу зудчо шен коьртана юьхьІаьржо тІейоуьйту. Иза корта баьшна йолчу зудчух тарло. Зуда Іемачу хенахь тийна а, хьоьхучунна кхоччуш муьтІахь а хила еза. Ца магадо ас зуда хьехамаш беш хилар. Божаршна тІехь куьйгалла а ца деш, тийна хила еза иза.
Выбор основного перевода