Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Делан Синах а буьзна, Цо шайна деллачу похІмица тайп-тайпана меттанаш дийца буьйлабелира векалш. хІунда аьлча царна хезнера цу наха тамашийна меттанаш дуьйцуш а, Дела хестош а. ТІаккха Кипас элира: Вукхунна тамашийна гІуллакхаш дан ницкъ ло. Кхечунна Делера болу хаамаш бан похІма ло. Цхьаволчунна Делан Сино делларг жинаша деллачух къасто похІма ло. Цхьаболчарна Делан Синера долу тайп-тайпана тамашийна меттанаш ло. Кхечу цхьанна оцу меттанаша бохург гочдар ло. Динан тобанашкахь Дала цхьаберш векалш, вуьш пайхамарш, кхозлагІнаш динан хьехамчаш бина дІахІиттийна. Цул сов, цхьаболчарна тамашийна гІуллакхаш дан ницкъ белла, вукхарна адамаш тодан похІма делла. Иштта уллорачарна гІо дан похІма а, урхаллин похІма а, тамашийна мотт бийцаран похІма а делла Цо. Массеран ду ткъа адамаш тодаран похІма? Массара а дуьйций те Делан Синерачу тамашийначу меттанашкахь? Массеран дуй ткъа и меттанаш гочдаран похІма а? Нагахь санна аса адамийн я маликийн меттанашкахь къамел деш делахь а, амма сан безам бацахь, со зевне зурма я бекаш болу горгали санна хуьлу.
Выбор основного перевода