Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Масала, Кипр-гІайре тІера Юсуп цІе йолчу, Леви тайпанах волчу стага (векалша цунах Бар-Нааб а олура, ткъа иза «синтеман кІант» бохург ду) Ткъа хьалха яздина мел долу хІума вайна хьехамна яздина ду, Делан Йозанаша вайна лучу доьналлица а, иракарахІитторца а вешан сатийсар хилийтархьама. Аша массара а тамашийначу меттанашкахь дуьйцийла лаьа суна. Амма кхин а сов лаьа суна, Делера болу хаам аша бойла, хІунда аьлча Делера болу хаамаш бийриг пайдехь ву оцу меттанашкахь дуьйцуш волчул а. И дуьйцург, цо ша гочдича бен, пайденна хир дац, динан тоба цу дуьйцучуьнца чІагІъяйтархьама. Иштта шу а, Делан Са шайгахула гучудаккха шаьш гІерта дела, динан тобанна чІагІонна Цо луш долчу похІманийн дикалла совъяккха хьовсалаш. Ахьа Далла олу баркалла тоъал дика хила а там бу, амма гуламехь волчу кхечунна цунах синца чІагІвалар ца хуьлу. Сан динан вежарий! ЖамІ а деш, суна ала луург хІара ду. Шу цхьаьна гуламе гулделча, шун хІораннан а хуьлу я назма, я хьехам, я Дала довзийтина хІума, я тамашийначу маттахь болу хаам, я шух цхьаммо цу хааман маьІна дуьйцу. Аша мел дийриг а шун динан тобанан чІагІонна хуьлийла.
Выбор основного перевода