Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Амма Мусас жоп делира: «Халкъ сох дІадерзарх кхоьру хьо? Везачу Элан Деза Са тІе а доьссина, Цуьнан халкъана юкъара массо а велахьара Делера хаам беш». Вукхунна тамашийна гІуллакхаш дан ницкъ ло. Кхечунна Делера болу хаамаш бан похІма ло. Цхьаволчунна Делан Сино делларг жинаша деллачух къасто похІма ло. Цхьаболчарна Делан Синера долу тайп-тайпана тамашийна меттанаш ло. Кхечу цхьанна оцу меттанаша бохург гочдар ло. Нагахь шух цхьаъ тамашийначу маттахь дийца воллуш велахь, тІаккха аша шиммо, я уггар дукха кхааммо роггІана дийца, ткъа кхечу цхьаммо аьлларг гочде. Нагахь санна гочдийриг шайна юкъахь вацахь, тамашийначу маттахь дуьйцуш верг динан тобанан гуламехь вист ма хилийта, цуьнга шена а, Далла а бен ма дийцийта. Пайхамарех шиммо я кхааммо Делера болу хаам бан беза, ткъа вукхара цара бохург талла деза.
Выбор основного перевода