Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Мелхо а, сайн са ас тийна а, синтеме а дина, ненан некхах дІадаьккхина бер санна. Суна чохь долу са хІинца синтеме ду, ненан некхах дІадаьккхина бер санна. ХІара бер санна, муьтІахь а хилла, дІахІоьттинарг Стигалийн Олалла тІелаьцначарна юкъахь уггар лакхара ву. Иза гиначу Іийсас, оьгІаз а вахана, элира цаьрга: «ХІара бераш тІедахкийта Суна, царна дуьхьало ма е, хІунда аьлча Делан Олалла тІелаьцнарш уьш санна бу. Хазачу кхоана шун муьтІахь хилар массарна а гІарадаьлла, цундела со воккхавеш ву шух. Амма суна шу хила лаьа диканна – хьекъалалла долуш, ткъа вочунна – догцІена долуш. Цу хенахь, бераш санна, кхин хир дац вай, хинкема санна а, кхин хир дац вай. Жима хинкема тулгІенаша а, мохо а лелоре терра, вай а ду харц хьехамаша атта Іехош. Оцу харц хьехамаша тайп-тайпана мекарлонаш а йой, шайн мел долчу хІилланца вай тиладолуьйту. Іийсах тешаре хьаьжжина, вайна юкъара хьалакхиънарш массо а иштта ойланаш йолуш хила беза. Нагахь санна цхьадолчунна тІехь шун кхин тайпана ойланаш елахь а, иза а Дала шуна дІадоьллур ду. ХІинцале а хьехамчаш хила дезаш дара шу, амма шуна юха а Іамо безаш бу Делан дешан дуьххьарлера хьехамаш. Шуна хІинца а шура оьшу, чІогІачу кхачанан метта. ХІинца а шура юуш верг бакъдерг а, харцдерг а къасторан хьехам бевзаш вац, хІунда аьлча иза бер долу дела. Дакхош долу бераш шуьрех санна, синан кхача болчу цІеначу дашах хьага, цуьнан гІоьнца шу даккхий а хилла, шун кІелхьардовлар чекхдалархьама,
Выбор основного перевода