Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Хастам бу Исраилан халкъан Везачу Далла, азалехь дуьйна абаденналц!» Дерриге а халкъо элира: «Амин! Хастам бу Везачу Элана!» Іезара декъал вира Воккха Дела волу Веза Эла. Дерриг а халкъо, шайн куьйгаш стигала хьала а дохуьйтуш: «Амин!» элира. Цул тІаьхьа, шайн яххьаш лаьтта кхаччалц охьа а таІийна, Везачу Элана Іибадат дора цара. Хастам бу Исраилан халкъан Везачу Далла азалехь дуьйна абаденналц! Массо а халкъо олийла: «Амин!» Хастам бу Везачу Элана! ВорхІ бепиггий, чІерий схьа а эцна, Далла хастам а бина, куьйгаца каг а деш, Шен мурдашка кховдадора Цо, ткъа цара нахана дІадоькъура иза. Далла хастам а бина, иза декъа а декъна, элира: «ХІара Сан дегІ ду, шун дуьхьа дІалун долу. Иштта делаш, Со дагалацархьама».
Выбор основного перевода