Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Иоанна
1 2 3 4 5
Параллельные места
Іийсас Ша цуьнга хих чекхваккхийтира. Иза хи чуьра араволлушехь, Дала стигалш дІасаеллаялийтира. Іийсана хьалха кхокханан суьртехь лакхара охьадогІуш долу Делан Са дІахІоьттира. Иза нийсса Цунна тІе охьадеара. Стигалара схьахезаш долчу озо элира: «Иза ву Сан хьоме КІант! Цуьнца бу Сан лаам!» Сох тоьшалла дийриг Кхин ву. Цо Сох деш долу и тоьшалла бакъ дуйла хаьа Суна. Аша Яхьъяна тІе нах бахийтира, ткъа цо билггал долчу бакъдолчух тоьшалла дира. Адамо дина тоьшалла оьшуш вац Со-м, амма шу кІелхьардовлийта боху Аса шуьга хІара. Яхьъя богуш а, къегаш а болу стогар санна вара шуна. Ткъа шуна кІеззиг йолчу ханна цуьнан серлонгахь хазахетар хила лиира. Амма Сан тоьшалла Яхьъян тоьшаллел а сов ду. ХІунда аьлча Аса дан дезаш а долчу, Аса деш а долчу, Суна Сан Дас деллачу цу гІуллакхаша до Сох тоьшалла Сан Дас Со ваийтина хиларх. Со ваийтина волчу Сан Дас до Сох тоьшалла. Шуна-м я Цуьнан аз а ца хезна, я Цуьнан сибат а ца гина. Шун товрат-хьехамна тІехь а яздина ду, шина стага дина тоьшалла бакъ ду аьлла. Ткъа Сайх тоьшалла Ас-Айса а до, Со ваийтинчу Сан Дас а до».
1. Иоанна
1 2 3 4 5
Выбор основного перевода