Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Иоанна
1 2 3 4 5
Параллельные места
Исраилхойх я тІебаьхкина Іаш болчу нахах цхьаммо, ша аьрха хиларна, къа латадахь, цо Веза Эла емалво. И стаг шен къомана юкъара дІаваккха везаш ву, Стага вукху стагана дуьхьал ша вониг дича, Дела царна юккъе хІотта мега. Ткъа аша Везачу Элана дуьхьал вониг лелош хилча, шуна тІе мила хІуттур ву?» Амма цара шайн дас бохучуьнга ла ца дугІура, Везачу Эло цу хенахь уьш байа сацам бина хилла дела. «Ткъа ахьа, Ярми-ЯхІу, и къоман дуьхьа Соьга доІанаш ма де, царах къинхетам бар а ма деха Соьга, хІунда аьлча Суна хьан доІа хезар дац. Везачу Эло соьга элира: «Муса-пайхамар а, Шамъал-пайхамар а ЯхІудан халкъан дуьхьа Суна хьалха дехарш деш хилча а, Аса цу халкъах къинхетам бийр бацара. ДІалахкахьа Со волчуьра и нах, дІабахийтахьа уьш. Цундела боху шуьга: хІора латийначу къина, динчу Іесачу къамелана стаг дохковаьллачул тІаьхьа гечдийр ду, амма Делан Са сийсаздинчунна гечдийр дац. Адамийн КІантана дуьхьал дош а аьлла, дохковаьллачунна гечдийр ду, амма Делан Са сийсаздинчунна гечдийр дац. Йиш яц цкъа хазачу кхоан серло шайна тІе кхеттарш, стигаларчу совгІатан чам хиънарш, Делан Синан зовкх хьоьгуш дакъалаьцнарш, Делан Дашо луш долу дика а, хин долчу дуьненан ницкъ а бевзинарш, тешарх дІа а къаьстина, юха а Далла тІеберзо. Уьш дохкобовларан некъа тІе цхьаьнгге а бāхалур бац, хІунда аьлча цара юха а жІарах дІатуху Делан КІант, массарна а хьалха Иза сийсаз а воккхуш. Тешаран доІано цомгушниг товийр ву, Везачу Эло иза когаш тІе хІоттор ву. Нагахь цо къинош летийнехь, цунна гечдийр ду.
1. Иоанна
1 2 3 4 5
Выбор основного перевода