Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Иоанна
1 2 3 4 5
Параллельные места
Иштта, сан хьоменаш, цІушна Іамалъярх ларлолаш! Іийсах тешар доцучаьрца цхьана дукъа кІел ма лелийша. ХІун юкъаметтиг ю те бакъдолчунна а, харцдолчунна а юкъахь? ХІун уьйр ю те серлонна а, боданна а юкъахь? ХІун барт бу те Дала леррина Къобалвинчунна а, иблисана а юкъахь? ХІун цхьаалла ю те тешаш волчунна а, тешаш воцчунна а юкъахь? ХІун цхьаьнадогІург ду те Делан цІенна а, цІушна а юкъахь? Тхо дийна волчу Делан цІа ма ду! Дала Ша ма-аьлла: «Царна юкъахь вехар ву Со, уьш болчохь лелар ву Со. Со церан Дела хир ву, ткъа царах Сан халкъ хир ду». Цундела Везачу Эло боху: «Царна юкъара дІа а довлий, царах дІакъасталаш. Суна хьалха боьха долчу хІуманах ма хьакхалойша, тІаккха Аса тІеоьцур ду шу».
1. Иоанна
1 2 3 4 5
Выбор основного перевода