Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Иоанна
1 2 3 4 5
Параллельные места
Кхин деха дийр дац Ас шуьца къамел, хІунда аьлча кху дуьненан эла схьавогІу, ткъа цуьнан Суна тІехь олалла дац. Ас ца доьху Ахь и нах кху дуьненара дІаэцар, амма доьху Ахь уьш вонах ларбар. Амма тешаме ву Веза Эла. Цо чІагІ а дийр ду шу, мекара волчух лар а дийр ду. Делах схьаваьлла волчо цхьаммо а къа ца латадо, Делан хІух схьа а ваьлла, шен амал Цуьнан амалх тера йолу дела. Ткъа ша Делах схьаваьлла хиларна, цуьнга къа ца латало. Делан безамехь шаьш Іалашде, вайн Везачу Эло, Дала леррина къобалвинчу Іийсас, Шен къинхетамца Дела волчохь хедар доцу дахар даларе а хьоьжуш.
1. Иоанна
1 2 3 4 5
Выбор основного перевода