Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Иоанна
1 2 3 4 5
Параллельные места
ТІаккха иблисо элира: «Хьуна лур ду ас оцу пачхьалкхашна тІехь олалла дар а, церан сийлалла а, хІунда аьлча иза дерриг а Дала сайна даларна, сайна луучунна дІадала йиш ю сан. Бакъволчу Делах ца тешачеран хьекъал бІарздина кху дуьненан харцдала, Делан вастехь волчу Дала леррина Къобалвинчун сийлаллех лаьцна болчу хазачу кхоан серло царна ца гайтархьама. Вайн къинош бахьана долуш Ша дІавелла Цо, вайн Да волчу Делан лаамца кху зуламечу заманах вай кІелхьардахархьама. Сан хьоме бераш! Шу Делера ду. Шу тоьлла харцпайхамарел, хІунда аьлча шуьца Верг нуьцкъала ву кху дуьненахь олалла деш волчул. Уьш кху дуьненара бу, цара а кху дуьненара болчара боххург боху, дуьнено ла а дугІу цаьрга. Амма вай Делера ду. Дела шена вевзачо вайга ла а дугІу. Ткъа ша Делера воцучо вайга ла ца дугІу. Иштта къастало вайга билггал бакъдолу са а, адам тилош долу са а.
1. Иоанна
1 2 3 4 5
Выбор основного перевода