Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Иоанна
1 2 3 4 5
Параллельные места
Ткъа, Ша тІе а эцна, Шех тешаш болчарна Делан бераш хила бакъо елира Цо. Уьш я цІийх а, я дегІан лаамца а, я стеган лаамца а хилла боцуш, Делах хилла бу. Бакъдолчунна муьтІахь хиларна, шайн синош а цІандина, шайн динан вежарий шалхо йоцуш безаш ду шу. Ткъа хІинца шайн ницкъ ма-кхоччу даггарчу безамца вовше дезалаш! Шун керлачу дахаран хьоста лийр долу хІу дац, амма гуттар а хин дерг ду. Иза дийна долу а, гуттар а хин долу а Делан Дош ду! Ткъа мила ву уггар харцлуьйриг? Иза ву Іийса Дала леррина Къобалвинарг хилар тІе ца лоцург. Иштта стаг Дала леррина Къобалвинчунна дуьхьал верг ву – стигалара Да а, Делан КІант а тІе ца лоцу цо. Делан КІант къобал ца вечу хІораммо а стигалара Да а къобал ца во. Ткъа Делан КІант къобалвечо стигалара Да а къобалво.
1. Иоанна
1 2 3 4 5
Выбор основного перевода