Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Иоанна
1 2 3 4 5
Параллельные места
Амма цо хьоьга ла ца догІахь, хьайца цхьаъ я шиъ стаг валаве, хІунда аьлча Йозанаша ма-бохху: „ХІорра а бехкевар шина я кхаа тоьшалла дечеран багахула чІагІдийр ду“. иза Сан цІий ду шуна, Делаца бина барт чІагІбеш долу, дуккха а нах къинойх цІанбархьама Іенар долу! Цкъа хІинццалц суна а билггала ца вевзара Иза, амма со нах хих чекхбаха ваийтинчу Дала элира соьга: „Делан Са а доьссина, Иза Шена тІехь дуьсуш гун верг хир ву хьуна цу Делан Синах адамаш дузон верг“. Іийсас жоп делира: «Баккъалла а боху Ас хьоьга, нагахь санна адам хих а, Делан Синах а кхолла ца делча, тІелоцийла дац цуьнан Делан Олалла. «Муха мегар ду царна хих чекхбахар дехка? Делан Са, вайна санна, царна тІе а ма доьссина!» Цхьа хІума хаа лаьа суна шуьгара: товрат-хьехамашна тІера гІуллакхаш кхочушдарна делла те шуна Делан Са, я хаза кхаъ а хезна, шу цунах тешарна делла те Иза? керлачу бертан Юкъарлонча волчу Іийсана, Хьабулан цІийнал а дика кхаъ буьйцуш долчу, тІехьорсучу цІийн цинцашна.
1. Иоанна
1 2 3 4 5
Выбор основного перевода