Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1. Иоанна
1 2 3 4 5
Параллельные места
Шу Соьга кхойкхуш, доІанаш деш, Со волчу догІучу хенахь, Аса шуьга ладугІур ду. Аша Со лохур а ву, Со шуна карор а ву. Нагахь санна аша Со доггах лахахь, «Деле диэха – Цо дехнарг лур ду шуна. Дела лаха – Иза карор ву шуна, неІ тоха, иза дІайоьллур ю шуна, ТІаккха аша Сан цІарах деххнарг Ас кхочушдийр ду, Ден сийлалла Цуьнан КІантехула гучуяккхархьама. Нагахь шу Соьца а хилахь, Сан дешнаш шуьца а хилахь, шайна луъург дерриге а деха, иза хир ду шуна. Аша Со ца хаьржина, амма Ас, харжа а хаьржина, дІахІиттийна шу. Ас шу къобалдина, шу дахханчохь, шуьга лаьттан стоьмаш кхиадайта. ТІаккха аш Сан цІарах хІуъа а Сан Дега деххнарг Цо шуна лур ду. ТІаккха цу дийнахь хІумма а хоттур дац аша Соьга. Баккъалла боху Ас шуьга: нагахь Сан цІарах цхьа хІума аша Дега дехахь, лур ду Цо шуна. Сан хьоменаш! Нагахь санна вайн дегнаша ваьшна кхел еш ца хилча, Далла хьалха доьналла долуш хила таро ю вайн. ТІаккха, Цуьнан весеташ кхочуш а деш, Делан лаамехь вай леларна, хІуъа а вай дехнарг лур ду Цо вайна.
1. Иоанна
1 2 3 4 5
Выбор основного перевода